3. Выпишите из текста слова, образованные с помощью суффиксов, и определите их принадлежность.
4. Выпишите сложные слова и определите, из каких основ состоят они.
Цхьа хІума чуйоьжча йолучу тайпана Органан гІовгІа яьлча, кхеравелла схьахьаьдда вогІучу Арсанакъина, Іусамех бІаьрг макхийтти хиира, Бикату Іинах чуяханий, иза шен лазийна ге а лаьцна, уккал а таІийна, берриге бос а байна, чІогІа воьхна эга а веш: - ХІун? ХІун? - аьлла, Іусамина тІехІоьттича, Іусамин дегІах, хьалха санна, цхьа хІун бу а ца хуу шийла ницкъ хьаьрчира: иза, Арсанакъех бехк хетта, тохара санна, готтачу новкъа ша-шех дІа а лечкъаш, охьахьаьдира.
Іусамас, ша хІинца хьаьдда воьддучохь, ша-шега чІогІа къамел дора.
Боккъалла а хІунда хийцира теша Іусамас ша хьалаяьккхи-на воллуш йоллу Бикату Іинах чу?
Іусама вацара, хІинца кхо бутт хьалххалц. - «Бикату соьга ца евча, аса айса-сайна тохарал хьалха хІума дийр дац, ерриге а юрт вовшах тохий а, суна Бикату ялае», - бохуш, кегий нах шен дена тІеэхийтинарг?
Іусама вацара, мосуьйттазза нах вовшах а кхетта бахча а Бикату шега ца елча, сарахь юьрта юккъерчу гІуна йисте а вахана: - «Бикату! Хьо аса дукха ехийтарх, хьан девашас соьга яла а ца ло, хІокху юьртахь вайшиннан гІуллакх чІогІа гІара а даьлла, кегий нах а, иштта массо а сох бела а боьлу, мел юьхьІаьржа хІутту со, Бикату, хьо соьга, едда еъна а, ца ягІахь, - аьлларг?
Цу сарахь Бикатус Іусаме ца элира:
- Іусама! Хьуна а ма-хаъара, сан дай, наний а дац, йижа-рий, вежарий а бац, и цхьа деваша воцург. Цо, Іусама, со хьоьга ца яла а, яхча мегар дац аьлла а дуй биина-кх. Суна-м ца хаьа, айса хІун дийр ду, суна-м хьо хьашт а дара, веза а везара, хьо юьхьІаьржа ца хІоттаварал совнаха, хьо сайна дукхавезарна, хьоьга едда а йогІур ма яра со-м, Іусама, тІаккха сайн цхьаъ бен воцчу девешех йолу-кх со ТІаккха цо со керта а юьтур яц-кх. ХІун де аса, Іусама? Со-м ахьа бохучунна реза ю, делахь а, хьуна хаа-м деза, со хьоьга еанчул тІаьхьа, хІокху дуьненахь суна гІо оьшучу меттехь гІо дан, орца оьшучу мет-техь орцах вала, сан, хьо воцург, кхин стаг хир воцийла, - аьлла.
Цу сарахь ца элира Іусамас Бикатуга: «Бикату! Хьо соьга еача, хІокху дуьненахь хІума оьшур дац хьуна. Хьо соьга еача, цкъа хьан майра хир ву со, бохам я зен хуьлучу заман чохь хьуна хьан ден метта а, хьан вешин метта а хир ву со».
С. Бадуев
* * *
Ша дукха а везна, шех теша а тешна шега еана гІийла зуда дала орца доцуш хІаллакьхуьлучу заман чохь, и кІелхьараяккха Іусамина эхь хІунда хийтира теша?
Іусамас Бикату кІелхьараяьккхича, Арсанакъас и кхайкхор вара?..
Нагахь цо и кхайкхийча, Іусамин дегІах меже южур яра?..
И гІарадаьлча, Іусама шен лаьттан болх ца балуш вуьсур вара?..
Нагахь Іусамас ша кІелхьараяьккхича, Бикату, Іусамас, хІинцалц санна, «Бикату! Бикату! Дела ма дала вайшиъ кеста! Дела ма дала вайшиъ хан йоцуш», - аьлча, «ма дала те, дера ма дала, Іусама!» - аьлла, мара эккхар яцара?
Дешархо! Айса цу шиннан къамел мел дахди, сан коьртан хьийзар алсамдолуш лаьтта.
С. Бадуев
Новые слова:
чуйожа упасть
Іин ущелье
уккал загривок
бос цвет
эга трястись
гІаравала стать известным
гІу колодец
юьхьІаьржа хІотта опозорить, оскорбить
орцахвала придти на помощь
хІаллакьхила погибнуть
меже часть тела
29. 0 СЛОЖНОМ ПРЕДЛОЖЕНИИ
В чеченском языке сложные предложения могут быть союз-ные и безсоюзные, например: Юург - дегІан кхача, наб - син кхача (пословица). - Еда - пища тела, сон - пища души. Нагахь сарахь хьо со волчу вагІахь, вайшиъ театре гІур ву. - Если ты вечером ко мне придешь, мы сходим с тобой в театр.
В чеченском языке различаются придаточные предложения:
1. Дополнительные: Селхана суна хиира. Тамара хьехар-хойн училище деша еана хилар. Вчера я узнала, что Тамара приехала учиться в педучилище.
2. Подлежащие: Иза цкъа гинчунна, цхьанна а виц ца лора и. Тот, кто раз его увидел, уже его не забывал.
Обстоятельные придаточные предложения подразделяются:
а) на временные (Со юьрата вахча, со сайн доттагІа волчу вахара. - Когда я пришел в село, я зашел к своему другу.
Султан статья ешна валале, со кехат яздина а велира. - Пока Султан читал статью, я написал письмо).
б) местные: (Адам деша ваханчу гІалахь институтехь доь-шуш дуккха а студенташ бу. - В тот городе, где