Тамашийна къам ду!
Чеченский ган лаьа Кутузовна. Шайна тІедехкина коьрта декхарш цхьана а минотана диц ца деш, Денис Давыдов сeцийра оьрсийн эскаран коьртачу ницкъашна герга таIа. МостагІ, цхьа а порядок йоцуш, вухаволуш вара. ХІумма а тера дацара цуьнан вухавалар, тохара кІоргга ойла йина, кІезиг долчу хІуманан а гІайгІа бина Кутузовн вуха-валарх. БІаьрг мел кхетачохь Іохкура дІакхиссина гІудалкхаш, ворданаш, механа еза хІуманаш.
Мотиславски новкъа отряд яьлча, партизанаш гІадбахана хазахеташ бара. Дикка хан яьллачул тІаьхьа шайн эскарх дІакхийтира. Эшна доцчу, ткъа мелхо а толам баьккхинчу эс-карх! Шайн хьомечу махкара мостагІ къинхетам боцуш лоьх-куш, садаккха хан ца юьтуш, догІура иза. Европерчу пачхьал-кхашна, Наполеонан цхьа цІе яьккхича а, тоьура бего, боьхна дІасабаржа, мохо лаьллина кІур санна, тІепаза бІо бан, ХІинца иштта полководец хьалхаверзийнера.
Партизански отрядана чІогІа оьшуш дара авангардана хьалха хила йийсарех а, трофейни хІуманех а мукъаялар. Обозехь ши бІе сов бежана а дара, мостагІчуьнгара кху тІаьхьарчу дийнахь схьадаьккхина, Шайн эскарна жижиг чІогІа оьшур дара-кх, бохура партизанаша.
Гена доццуш лаьтташ инарла Раевскийн эскарш ду бохург хезнера Давыдовна, Шен метта отрядана тІехь подполковник Степан Храповицкий а витина, инарла шен гергара стаг хиларе терра, и ган ваха сацийра цо.
Говрахь тІевеара цунна Александр Чеченский.
- Хьо стенга ваха кечвелла?
- Кхуза гена воццуш, хьуна цІе тиллина, Николай Николаевич ву бохург хезнера суна. И ган ваха воллу.
- Со ца вуьгу ахь хьайца?
- Вайшиъ ший а отрядана тІера валар ца дезара суна. Хьо бухасецча дика хир дара.
- Дика ду ГІуо хІета, соьгара маршалла а ло.
Давыдов дІавахара.
Сарахь юьрта чу юьйлира отряд. Интенданташка дІаделира йийсарш а, даьккхина герз а. Къаьсттина чІогІа баркалла бехира жижигана бежнаш далорна.
Мохь дІабаьлла яйелла отряд Красни-юьртахьа новкъа елира. Смоленскана дехьа яра иза. Хаамаш кхаьчнера, вухаволуш волчу мостагІчо цигахь баккхий ницкъаш гулбо, бохуш. СадоІуш хан кІезга а йойуш, хьалхахьа дІаоьхура отряд.
ШолгІачу Іуьйранна шело хІоьттира- Ло а догІура. Цхьана юьртахь садоІуш отряд Іаш, тІаьхьакхиира Денис Давыдов. Сиха хеттарш динчу цунна хиира юьртахь лаьтташ инарла Дохтуров хилар. Иза Суворовца цхьаьна тІемаш бина, майраллина цІе яхана инарла вара. И ган ваха сацийра Давыдовс.
Хазахийтира къеначу инарлина, Денис веана.
- Воккхаве, чІогІа воккхаве со хьох. Хезна суна хьан хьуьнарш дуьйцу.
Инарла Іуьйранна хІума яа охьахаа воллуш вара. Цо щеца охьахаийра хьаша а.
И шиъ стоьл тІехь хІума юуш Іаш, говрахь казак кхечира. Инарлин адъютанта хаийтира, фельдмаршала ша волчу кхойкху Денисе, аьлла.
Хазахетта тохаделира Денисан дог. ХІума яар юкъах а дуьтуш, сиха хьала а гІаьттина, инарла Дохтуровга шена бехк цабиллар а дехна, аравелира иза. Циггахь бІаьрг кхийтира цуьнан новкъа говр хаьхкина вогІучу ротмистрах Чеченскийх.
ТІе ма-кхаччара говр юхауьйзира цо.
- Вайга сийлахьчу эло Кутузовс кхойкху! Храповицкий хьал-ха дІаваха, суна тІе хьох кхетар а диллина, - элира цо сиха, воккхавер лечкъа а ца луш.
- ХІинцца элира соьга, - хаийтира Давыдовс- Эццахь шена тІерачу бедарх бІаьрг кхийтира цуьнан- - Ванах, хІокху бар закъца цунна хьалхахІотта бегІийла ма дац… делахь а, и кхетар ву! ТІеюху бедар хоьржу зама яц хІара! Вало! - олуш. говра кхоссавелира Давыдов.
Ахархочун цІа чохь вара Кутузов. Смоленщинехь долчу кхечу цІенойх къаьсташ дацара и сеццарш.
Давыдов, чоьхьа а ваьлла, неІсагІехь вулавелира.
- Схьавоьл, схьавоьл, сан диканиг… Хьо юххера вовза лаьа суна, даймахкана ахь даьхначу хьуьнаршна хьуна баркалла ала а лаьа!
Оцу дешнашца веза хьала а айбавелла, шен кІанте санна, Денисе а хьаьжна, тІаккха маравоьллира цо иза. ЦІеххьана, цхьаъ дагадеана, вухахуьлуш дІаса а хьаьжга, хаьттира Кутузовс:
- Мичахь ву и Чеченский? И ма ца го суна? Дукха хезна суна цуьнан майраллех а, цуьнан хьуьнарех а. И ган лаьа суна!
Адъютант дукха маса неІарх ара а иккхина, Чеченский ва-лош схьавеара. Кутузов шен цхьана бІаьрга леррина хьаьжира цуьнга. ТІаккха элира:
- Герга воьл, герга, сан диканиг, - Денисе аьллачу деш-нашца хьаьстира цо Чеченский, мара а вуллуш- Юха, массаьрга а хьожуш элира: - Со чІогІа дагна тоам хилла ву, аш дечу гІуллакхах. Шуна зеделлачо гайти суна, партизански тІамо мел пайда бохьу, мостагІчунна зенаш мел дин а, мел до а, мел дийр ду а хаийти…
Коьртакомандующи соцунха хилира. Иза кресло-гІанта охьахууш, Давыдовс элира:
- Хьан сийлалла бехк цабиллар доьху, оха, хІокху бедарца хьайна хьалха хІиттарна. Кутузов велакъежира.
- ТІом халкъан бу, сан хьомениг, аш дийриг дерриг а нийса ду. Суна бен ма дац, цхьаннан коьртахь кивер а йоцуш, куй хилар а, кхечуьнан, мундира кІел а доцуш, кетара кІел детта-луш дог хилар а- Доллучул коьртаниг ду, шуна халкъ гІатто
хаар.