- Хьан сийлалла, рапорт кхаьчна Давыдовгара.

- Схьайтал, - олуш, куьг кховдийра къеначу фельдмаршало.

Инарлас дІаделира кехат.

Леррина дийшира Кутузовс лехат. Юьхьа тІера хебарш тІаьхь-тІаьхьа шарлора. Эххар а велакъежира иза. Хаза кхаъ бара кхаьчнарг. Кутузовн ойланаш чІагІйира кехато.

- Эрна вахийтина ца хилла Давыдов мостагІчун тыле. Боккхачу тІамехь бан а ала ду мостагІчунна ищтта бохамаш, Ткъа шен хІаллакьхилларщ дукха а бац.

- Суна хетарехь, хьан сийлалла, кхин а яхийта езара армейски частиш мостагІчун тыле.

- Цуьнан хьокъехь со ойланаш еш волу дукха хан ю. Оьшуш гІуллакх ду иза! Амма вайн кехаташ тІехь «партизанаш» алий дош ма хьахаделахь. Пет ерубргехь и муха дезалур ду, ала хаац, - кІорга садаьккхира Кутузовс. - Оьшуш хила-ран-м шеко яц. Гой хьуна, дохийна эскаран дакъош, йийсарди-на карабалийна, схьаяьхна ворданаш, тІехь хІоъ-молха а, юург а йолуш, Мел гіо хир дара мостагІчунна, и дІакхаьчнехь, вуьшта а мацалла хьоьгуш волчу цунна! Дуьйцийла яц, дика гІуллакх ду Давыдовс дІадолийнарг.

Юха а кезата тІе вуьйлира фельдмарщал. Жимма Іийна-а элира цо:

- ГІоьнчий а диканаш нисбелла цунна. Храповицкий, Темиров, Чеченский… Собардел, тохара даийтинчу рапорташ тІехь хьехош а вацара Чеченский?

- Вара, хьан сийлалла.

- Каде, майра ву бохуш, вуьйцу кху тІехь Чеченский. Мила ву хьовха иза?

Дежурни инарлас элира:

- Суна хетарехь, Раевскийс кхиийна кавказхо ву иза. Дуьйцуш хезна суна.

- Хила там бу. Вайн нана-махкана тІе кхерам хІоттарна, доллу къаьмнаш а гІевттина, ойланашка велира Кутузов. Юха а хьаьвззина тІеяхара уьш. Элира цо. - Нохчех-м вац и Чеченский?

- Ву боху хьан сийлалла. Долчунна даре дан деза, майрачу къомах ву иза, - элира дежурни инарлас. - Кхин цхьа масал а ду, нохчо Россина гІуллакх деш хиларан.

- Дийцал, дийцал, - гІентахь меттахъхьайра Кутузов, ладогІа кечлуш. Хилла долу, истори юкъа дахана хІуманаш дезаш, хаа лаьара цунна гуттар а.

- Дикка хьалха хилла иза. ХІинца дагадогІу суна, цхьанхьа-м дийшира ас. Тохара польско-литовски шляхтичаша, тІе а летта, Москва дІалацар, исторехь дуьйцуш, хьуна а, хьан сийлалла, хууш ду.

Корта тесира Кутузовс.

- ХІетахь мостагІчух Москва, Россия паргІатйоккхуш доккха гІуллакх дина Нижегородски думо. Цу хенахь цигахь вехаш хилла эла Черкассм/ІЙ Дмитрий Мамстрюкович1(1 М. Н. Загосткина шен «Юрий Милославский» цІе йолчу романа тІехь а, революци хилале хьалха ваьхначу историка М. С. Соловьевс а шен оцу романах лаьцна язбинчу балха тІехь а Черкасский Д. М - нохчо хилар яздо), нохчех схьаваьлла а волуш, Цуьнан цІенош чохь гулъелла хилла дума кхеташонна. Цу чохь цо аьлла боху: «Москва схьаяккха цавогІург, ямарт стаг а, шен халкъ, мохк мостагІчунна дІабелларг а ву». Ткъа цу чохь хиллачара массара а жоп делла: «ДогІу ихо», - аьлла. Октябрь баттахь 1612-чу шарахь Нижегородски ополченис Москва схьаяьккхира, Кремль чу уьш боьлхуш, коьртехь говрахь вогІуш эла Дмитрий Михайлович Пожарский хилла, цунна аьтту агІор говрахь вогІуш эла Черкасскй хилла, аьрру агІор ~ Минин. Ишта истори юкъа вахана-кх Черкасский Дмитрий Мамстрюкович.

- Ша винчу махкана санна, хьанал хилла иза Россина.

- Хилла те, Вайн Чеченский а ву ишта.

- ПаргІатехь и ган, юххера вовза хьожур ву со. Дикка самукъадаьккхи ахь сан, цхьана минотана мукъана, - даг тІе куьг диллира Кутузовс, - махкана тІе беана бала кхузара байбеш.

Дежурни инарла тамхилла жимма дІатийра. Ойланашка ваьлла Іара ший а. Тийналла эххар а йохийра дежурни инарлас:

- Хьан сийлалла, кхин мила вахийтича бакъахьа хета хьуна мостагІчо дІалецначу меттигашка?

- Инарла-майор Дорохов ма вара соьга доьхуш. И вахийта а мегар ду

Дежурни инарла араваьлча, бІаьргаш а хьаббина, ойланашка ваьлла Іийра Кутузов, и гиначунна наб еш ву а моьттур долуш.

ДІаделира масех де. Красни Пахре Кутузовга рапорт кхечира инарла-майорера Дороховгара: ялх эпсар а, ши бІе могІара салти а йийсаре валийна аьлла дара цу тІехь,

ТІаккха Петербурге паччахье кехар яздира Кутузовс, ша мостагІчун тыле эскаран дакъош дахийтар а, церан кхиамаш а буьйцуш. Паччахьана ца дезачу дашах «партизанех» ларлущ, яздира кехат.

Цунна дуьхьал я иза магош а, я доьхкуш а паччахьера жоп ца кхачарна, фельдмаршала кхин а къастийра мостагІчун тыле дахийта эскаран дакъош, коьртехь тІаьхьо гІарабевлла коман-дираш а болуш: Фигнер а, Сеславин а, Ефремов а, Черногубов а.

Ахархойн отрядаш шортта шайна тІе а ийзош, хІора дийнахь бІеннаш мостагІий юкъара бохура цара.

ХІора отрядана фельдмаршало ша къастийра район. Цигара дІасхьа ца бовлуш, тІелетара партизанаш мостагІчунна дийнахь а, буса а, Наполеонан когаш кІелхьара латта догура, Кхочу хаамаш синтем луш бацара.

ОьгІазъоьхура Наполеон. Цхьана а инструкцехь хьахош боцу тІом бара партизанаша болийнарг. Испанехь-м бара ца соцуш кху тайпана берг, делахь а цигарниг дицдинера Россис.

Дерриге а халкъ дара гІоттуш- Нуьцкъала яьккхинарг бен, мостагІчунна яахІума а, говрашна хІоъ-докъар а дацара. Ницкъана дуьхьал ницкъ баккха доладеллера оьрсийн халкъ. Зударий-м дера бара гІевттинчу отрядийн коьртехь.

- Къинхетам ма бе! Къинхетам ма бе! - бохуш, омраш дора Наполеона!

Хьанах бийр бара къинхетам, и бар доьхуш цхьа а ца хилча, схьалецначу гІаланашкахь, ярташкахь бухасоцуш цхьа а ца хилча?

Добавить отзыв
ВСЕ ОТЗЫВЫ О КНИГЕ В ИЗБРАННОЕ

0

Вы можете отметить интересные вам фрагменты текста, которые будут доступны по уникальной ссылке в адресной строке браузера.

Отметить Добавить цитату