- Оха ца гІовттийна адамаш, мостагІчуьнга болчу цабезамо гІовттийна уьш, - элира Давыдовс. - Хьан кхайкхамна жоп луш, ахархой берраш а гІевттина. Ткъа оха царна луш долу герз мостагІчуьнгара схьадоккхуш дерг ду. Бехк цабиллар доьху хьоьга, хьан сийлалла, леррина омра доцуш оха иза дарна.

- ХІумма а дац, хІумма а дац, - синтем лущ. корта тесира Кутузовс. - Омра кхачаре хьоьжуш Іен хан ма яц вайна, даймохк кІелхьарабаккха беза хІораммо. Цхьа бехкам бийр бу ас шуна, шаьш язъечу донесенеш тІехь уъш ма хьехаделаш… Цул тІаьхьа Чеченскийгахьа вирзира Кутузов.

- Чергсийн мотт хаьий хьуна?

Оцу хенахь кавказхойх массарех а олура чергсий.

Чеченскийс жоп делира:

- Нохчийчуьра схьавалош, со жима вара. Россехь кхиийна со, сайн ненан мотт бицбелла богІу.

- Суна хазарца, хьуна цIе тиллинарг Раевский Николай Николаевич ву-кх?

- Ву те, сан гІайгІа беш, со шена тІелаьцнарг и ву.

- Со воккхаве Николай Николаевичах, тІеэцна кІант цуьнан ишта хиларх!

ЦІа чу велира, карта а, кехаташ а дохьуш, полковник Толь.

Давыдоввий, Чеченский, Храповицкий, Іодика а йина, араве-лира. Цигахь бевзаш болчу а, боцчу а штабан эпсаршна юкъ-анисбелира уьш. Берраш а бара, фельдмаршало цаьрца хІун дийцира, хаа лууш.

Тохара Нижегородски драгунски полкехь шеца цхьаьна гІуллакх деш хилла Павел Барэновский гира Чеченскийна. 1796-чу шарахь Дербент йсжкхуш хиллачу тІамехь дакъа а лаьцнера шиммо а. Ший а дукха къона вара хІетахь.

- Ма дагахь дацара суна, Александр, хьо кхузахь гур ву, аьлла.

- Хьуначул башха, Павел, суна а! Ший а мар-мараиккхира, велавелира.

- Хьо хьаннашкахь тІом беш ву, бохург хезнера суна. Накха а бу совгІатех буьзна, - даггара воккхавера Павел. - Шиъ Аннын орден, бантаца Владимир, Георгий… Шортта ю. Декъал-во ас хьо! - кхин цкъа а мэравоьллира цо иза.

- ТІаьхьависина-м хьо а вац, суна гарехь- Массо в ду вай цхьа хьанал гІуллакх душ! - элира Чеченскийс.

- Бакъ ву хьо цу тІехь. Валол, со волчу гІур ву вайшиъ Хьоьца жимма цхьаьна Іен лаьа суна, шира хІуманаш дага а лоьцуш.

Цхьаьна аравелира и шиъ.

Сахьт гергга хан яьлча, пийсакийн кеманаш тІехь а, даккхийчу гила-кеманаш тІехь а бердан йисте схьаэха буьйла-белира мостагІчун салтий. ТІаьххьара схьадеанчу пийсакийн кеманахь вара полковник ша. ПІелгаш куйнан йисте дехьина честь дина, вист а ца хуьлуш, тІехвелира иза гусарийн эпсаршна.

Нидерландин коьртачу шахьарехьа боьдучу новкъа дІабахара уьш.

Гусарийн полк гІопа чу яхара. БІе гергга йоккха топ а, ялх бІе кема а деара церан кара,

Кхиамца гІала-гІап Виллемштадт схьалацарна Чеченскийна Владимиран 3-чу даржан орден елира.

/. Гайсултанов

34. ВСПОМНИМ О НАРЕЧИИ.

1. Выпишите из текста наречия, распределяя их по разрядам.

2. Покажите, с какими словами согласуются наречия текста. Определите синтаксическую функцию наречий текста.

3. Объясните историческое происхождение наречий. Объяс-ните, какие наречия изменяются по падежам.

4. Объясните, какие наречия переходят в сравнительную степень.

…ТІаккха Дудас, меллаша юха а вирзина, шен гІоьмеш йохку ши куьг, шайн утармех а тевжина, корта а оллийна, ехачу мож т!е наггахь куьг а хьош лаьттачу Бешир-моллина тІе а хьа-жош, - ПетІамат!.. И лаьтта Бешир-молла ву хьуна тахана дуьйна дІа хьан да, цо бохург дар. цуьнга ладогІар тІехь ду хьуна, - аьлла, Дудин къамел чекхдолуш, Дудина тІекхача дагахь стражникашна юкъаоьккхуш йоллу ПетІамат цхьана стражнико Іоьттинчу тоьпан буьхо йхакхоьссина охьайоьжча, доккчачу хьаьжа юккъе сийна шед хІоьттинчу Дудас. - Эй! чорт! Я тебе дам, - аьлла, шена юххерчу старжникан вортан тІе болатан гІоьмеш йохку шен ший а буй туьйхира. Оцу мет-техь хьалхавоьду Хьаьбиб а юхахьаьжира. ТІаьхьарчу шина стражнико, тоьпан баххаш тоьхна. Дуда генна хьалха берталва-хийтира.

Тоьпан буьхо човхийнчу ПетІаматана деге лазар деара. Цо гІийлачу эшарехь - ва Дада!.. ДадаІ-.ХІара хІун ду? ХІара хІун ду? - олуш, шен хаза дег! ирчу бІаьллаш тІе охьадиллира, шен горга юьхь горгачу малхе а ерзош.

Дикка лазийна Дуда, халла гІаьттира хьала. ТІаккха гІийла корта ластийна, гонахарчу нахах эхьхетта, уккал а таІийна, дІаволавелира.

ДудагІарна тІаьхьабевлла лаьтта зударш шийлачу маьхьар' ца ПетІаматна тІехьаьвдира. Лаьтташ болу божарий, цкъа Іуьллучу ПетІамате хьовсуш, тІаккха Дудина тІаьхьа хьовсуш лаьттара, шайн декъа балдаш лакхарчу цергашца а къуьйлуш, шаьлтанашна тІе каш а дехкина, наггахь вовшашка а хьов-суш, хала садетташ.

ДудагІар чехка кхечира кху юьрта юккъерчу майданарчу правлене. Уьш, Хьаьбиб хьалха а волуш, цунна тІаьхьа Дуда а хІоттийна, чубахара.

Малх дикка хьалабаьлла лаьттара, стиглахь неканца лела овкъаран басара мархаш, чевнан бамбин басарчу мархашца хийцаеллерэ. Аьрцнашна тІехьа генна йийшина Іохкуш бодане мархаш а гора, Майданхула наггахь лезанан ворданаш а юьйлура тІех. ДІасалелаш тІехь беркъа а, цІена а кегий, баккхий нах а бара. Наггахь тІехйолуш зуда а гора, шен корталин тІам бете а уьйзуш.

Добавить отзыв
ВСЕ ОТЗЫВЫ О КНИГЕ В ИЗБРАННОЕ

0

Вы можете отметить интересные вам фрагменты текста, которые будут доступны по уникальной ссылке в адресной строке браузера.

Отметить Добавить цитату